Уч. Нач.кл. СОШ №1 с.п. Надтеречное »Тухаева З.И.
Тест по чеченскому языку .РТБ. 4кл.
ХААРШ К1АРГДАР.
Вопрос 1
Билгалдаха цхьанатайпанара подлежащеш .
Цара шайн дуьнен чу евлла к1орнеш кхиайора ,1алашйора,уьш когайохуьйтура.Акхарой а ,олхазарш а синтем боцуш лелара.
Варианты ответов
кхиайора ,1алашйора,когайохуьйтура
Акхарой ,олхазарш
дуьнен чу евлла к1орнеш
Вопрос 2
Билгалдаккха х1ора дешнийн къамелан дакъа:
Т1ееара беркате ,йовха аьхке.
Варианты ответов
билгалдош ц1ердош хандош билгалдош
хандош билгалдош билгалдош ц1ердош
билгалдош ц1ердош хандош ц1ердош
Вопрос 3
Лахахь ялийначу предложенехь шена чохь элпел аьзнаш сов долу дош схьакараде.
Массо а дешархо юьртахь 1аш ву.
Варианты ответов
Вопрос 4
Шалха элпаш долу дешнаш билгалдаха.
Х1инца ,бераш,урам,йина,
Къона,бедар,лекха,бешахь
Варианты ответов
Х1инца ,бераш,урам,,бедар
Къона,бедар,лекха,бешахь
Х1инца,къона,лекха,бешахь
Вопрос 5
Текстан коьрта ойла билгалйаккха:
1)Хьуьнхахь тилвеллачу стаган нийса некъ гойгуш я ца евзачу меттехь лела г1о деш дуккха а къилбанаш ду 1аламехь.2)Екхна йолчу хенахь некъ бовза таро ю малхаца ,баттаца ,седарчашца.3)Ткъа стигал юькъачу 1аьржачу мархаша д1ахьулйинехь?
4)Кхоьлинчу хенахь хуьнхахь анайистан аг1онаша къасто йиш ю дитташца,лаьттара дуьйна диттан буьххье кхаччалц яьржинчу 1аьржаччу асанца.5)Къасттина дика иза хаало баганан дитта т1ехь,х1унда аьлча цуьнан кевсиг сирла хуьлу.6)1аьржа аса даима а къилбаседехьара аг1онехь хуьлу.7)Кхоллало иза т1уналла сацар бахьна долуш.8)Диттийн кевсиг ерриге а яшайо,амма кхечу аг1онашкара иза сиха якъало,ткъа къилбаседехьара,малх к1езиг болчохь ,т1уналла дукха лаьтта.9)Довхачу дийнахь баганан а,базанан А г1ода т1ехь бокхан янтаран т1адамаш довлу.10)Билгалдаьлла ду г1одан къилбечу аг1онехь ч1ог1а дуккха бокх гучуболуш хилар.
11) Чохь садолу къилбанаш лору зингаташ .12)Цара шайн туьйлигаш ,дукхахьолахь,муьлхха а цхьана диттана,юьхкана я куллана уллохь йо,даима а къилбера аг1онехь.13)Маьлхан йовхонах буьззина пайдаэцархьама йо уьш оцу кегийчу къинхьегамхоша иштта.14)Цу кепара туьйлигца а билгалдолу къилбаседе мичахь ю.15)Туьйлиган къилбера аг1о лег1ана хуьлу,ткъа къилбаседехьара-дикка охьанехьа.
Варианты ответов
Туьйлиган къилбера аг1о лег1ана хуьлу,ткъа къилбаседехьара-дикка охьанехьа.
Кхоьлинчу хенахь хуьнхахь анайистан аг1онаша къасто йиш ю дитташца,лаьттара дуьйна диттан буьххье кхаччалц яьржинчу 1аьржаччу асанца.
Хьуьнхахь тилвеллачу стаган нийса некъ гойгуш я ца евзачу меттехь лела г1о деш дуккха а къилбанаш ду 1аламехь.
Вопрос 6
Текстан план билгалйаккха:
1)Хьуьнхахь тилвеллачу стаган нийса некъ гойгуш я ца евзачу меттехь лела г1о деш дуккха а къилбанаш ду 1аламехь.2)Екхна йолчу хенахь некъ бовза таро ю малхаца ,баттаца ,седарчашца.3)Ткъа стигал юькъачу 1аьржачу мархаша д1ахьулйинехь?
4)Кхоьлинчу хенахь хуьнхахь анайистан аг1онаша къасто йиш ю дитташца,лаьттара дуьйна диттан буьххье кхаччалц яьржинчу 1аьржаччу асанца.5)Къасттина дика иза хаало баганан дитта т1ехь,х1унда аьлча цуьнан кевсиг сирла хуьлу.6)1аьржа аса даима а къилбаседехьара аг1онехь хуьлу.7)Кхоллало иза т1уналла сацар бахьна долуш.8)Диттийн кевсиг ерриге а яшайо,амма кхечу аг1онашкара иза сиха якъало,ткъа къилбаседехьара,малх к1езиг болчохь ,т1уналла дукха лаьтта.9)Довхачу дийнахь баганан а,базанан А г1ода т1ехь бокхан янтаран т1адамаш довлу.10)Билгалдаьлла ду г1одан къилбечу аг1онехь ч1ог1а дуккха бокх гучуболуш хилар.
11) Чохь садолу къилбанаш лору зингаташ .12)Цара шайн туьйлигаш ,дукхахьолахь,муьлхха а цхьана диттана,юьхкана я куллана уллохь йо,даима а къилбера аг1онехь.13)Маьлхан йовхонах буьззина пайдаэцархьама йо уьш оцу кегийчу къинхьегамхоша иштта.14)Цу кепара туьйлигца а билгалдолу къилбаседе мичахь ю.15)Туьйлиган къилбера аг1о лег1ана хуьлу,ткъа къилбаседехьара-дикка охьанехьа.
Варианты ответов
1.Тилвелла стаг. 2 Дитташца хуьлу билгалонашю 3.Сагалматашца хуьлу билгалонаш.
1Сагалматашца хуьлу билгалонаш. 1.Тилвела стаг. 2 Дитташца хуьлу билгалонашю 3.Екхначу хенахь хуьлу билгалонаш.
1.Екхначу хенахь хуьлу къилбанаш. 2 Дитташца хуьлу билгалонаш. 3.Чохь садолу къилбанаш.
Вопрос 7
Муха кхета хьо ""кхоьлина ""бохучу дешан маь1нах
Варианты ответов
Вопрос 8
Гергара маь1на долу дош даладе кху дешан ""Яшайо"
Варианты ответов
Вопрос 9
Кху предложенехь караде схемица бог1у х1оттам болу дош;
Диттийн кевсиг ерриге а яшайо,амма кхечу аг1онашкара иза сиха якъало,ткъа къилбаседехьара,малх к1езиг болчохь ,т1уналла дукха лаьтта.
орам+суффикс+чаьккхе
Варианты ответов
Вопрос 10
Билгалдаха предложенера массо а ц1ердош цу предложенехь далийначу кепехь.
Билгалъяккха муьлххачу а цхьана ц1ердешан кепан класс, терахь, дожар, легар (шайна луъучун).
Чохь садолу къилбанаш лору зингаташ
Варианты ответов
зингаташ, садолу кх.кл. 2 л. цх.т. Ц1.д
чохь, къилбанаш, кх.кл. 2 л. дукх..т. Ц1.д
къилбанаш, зингаташ - кх.кл. 1 л. дукх.т., Ц1.д
Вопрос 11
Билгалйаккха предложенера массо а билгалдешан кеп, шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца цхьаьна. Билгалдаккха терахь, дожар, кеп (лааме я лаамаза) муьлххачу а цхьана билгалдешан кепан (шайна луъчун).
Ткъа стигал юькъачу 1аьржачу мархаша д1ахьулйинехь?
Варианты ответов
стигал юькъачу, цхь. т., Др.д., лаамаза
1аьржачу мархаша дукх.т.,Ц1.д., Лаамаза
юькъачу 1аьржачу ( мархаша) дукх. т., Др.д.,лаамаза
Вопрос 12
Схьакараде предложенера массо а хандош .
Диттийн кевсиг ерриге а яшайо,амма кхечу аг1онашкара иза сиха якъало,ткъа къилбаседехьара,малх к1езиг болчохь ,т1уналла дукха лаьтта.
Варианты ответов
яшайо,якъало,дукха
кевсиг, яйшайо, лаьтта
яшайо,якъало,лаьтта.