Внеклассное мероприятие
«Дуьненан марзо. Б1аьрган серло. Деган йовхо нана!
Хьехархо: Т.Т. Тасуева
Хьехархо: Дуьненан марзо,б1аьрган серло,деган йовхо-нана-аьлла 1алашо йолуш массо наношна лерина ду вай тахана цхьанакхетар.Адмийн дахарехь уггаре а хьоме ю нана.Деган йовхо ю ненаца.жималлехь бералла к1елхьара доккху цо. Дуьххьара мотт 1емаш ненан ц1е ю йоккхуш, ког боккхуш галл ваьлча мохь туху цуьнга Нана йолчохь цкъа а кхачор бац хьеший,и йолчохь даима а лаьттар ю б1аьсте.Нана йоцуш къаьхьа чам цхьанне мА гойла, шун х1усмехь лаьттийла даима б1аьсте!
« Сингаттам боьссича
Готтачу кийра,
Хетало ненан аз
Узам беш г1ийла»
Дешархо: стих «Нана»
Набарна д1атовжар доцуш,
Ахь ойла стена йо техь?
Сан нана,хьо дагалоций,
Ас хьосту мел дог1у де.
Г1айг1ане ма 1ехьа г1ийла,
1енадеш хьайн б1аьрхиш!
Ахь лайна баланаш хийла,
Йина хьо-м хеназа тиш.
Схьалохьа хьайгара бала,
Базбелла хьуна и сов,
Хьо ирсе хийта нана,
Хьан метта лийр вара со.
Нагахь ас вас йинахь хьайна,
Ялалахь к1инт1ера хьо.
Хьоьх хьоьдда ма гойла зама,
Хьо йоцург ирс дайна го.
Хьехархо: Мел хьоме деза ду-Нана дош!
Мел боккха къинхетам бу цу дашца!
Хан йоцчу хенахь набарх юьйлуш.
Аганан иллица буьйсанаш йойу нанас.
И нана реза йоцург вайгара далахь.
Цу нанна вас вай яхь, ма кхерам бу вайгахь
Ма майра ду вай!
Хьехархо: Вайн дахарехь нанас д1алоцу
Меттиг билгал а йоккхуш,вай хьовсур ду оцу маь1нин барам.дахаран терзаца дустуш,бовза,хадабан цуьнан мах.
Ненах лаьцна илли.
Хьехархо: Дуьххьара дахарехь г1улч йоккхуш,ша охьавоьжча.цо орцах кхойкху нене. Лазийча я лазаро лаьцча.хазахетча я халахетча,г1о эшна к1елдисича.вай массара кхойкху нене. Вайна г1оле хуьлу цуьнан ц1е яьккхича,кийрара бала эккхабо оцу ц1аро,хьагвеллехь-1абаво,мацвеллехь-вузаво.
Ма боккха ницкъ бу оцу цхьана жимачу дашехь.Хаа лаьара, мичара болу наношна и ницкъ,сел ховха.к1еда,экаме дог долчу .муьлххачу а берех хьакхалучу бохамна доьхьал х1отта.
Дешархо : Стих » Лаьа сунна»
Лаьа сунна дезчу денца
Даггара хьо декъалъян
Нагахь нана хьоь аларца
Мерза кхача х1оттабан
Лаьа суна парг1ат яккха
Денна дечу г1уллакхех
Со йо1 муха хила т1аккха
Ненах юьзна г1иллакхех.
Лаьа сунна массо х1усмехь
Наной иштта парг1ат бовла
Доьзал хьийзаш дикчу хьармехь
Ненан хьашташ кхочушдеш.
Лаьа сунна массарел
Кьаьсташ хила хьоме нана
Дадин мамин цхьа барт болуш
Има беркат х1усмехь долуш.
Дешархо:
« Нана,нана елара олу,нана-деган синтем бу! Нана елахь, вайн дог доьлу.и дуьненан къинхетам бу!
( Закриева.П.)
Дешархо:
Ненан сий динарг махко а лерина.
/кица/
Нанас йина чов лаза ца лозу. Ненан сий динарг махко а лерина.
/кица/
Нанойх бераш дахар.
Махках халкъаш дахар.
Т1емаш, девнаш дахар…
Хьан ц1е къахьян г1ерта
дешнаш
Ма дукха ду-кх Дахар!
/Л.Абдулаев/

Ас наной хестабо Рашидов Шаид
Ас наной хестабо дешнашца довха, Сийлаллин меттиг а царна д1ало... Молхане карийна сайчо вар а човха, Доккхачех дозалла сайн цуьнца го.
1аьржачу буьйсанна, сирлачу дийнахь, Серло, ирс, йовхо луш кхиийна цуо. Хир дара дуьне а цхьа башха тийна, Безамца цуо хьостуш ца хилча суо.
Зударий хестабо безаме, оьзда, Мехкарий – дикалла шайхь йолушберш. Дуьнен чохь дахар а цаьрца ду доьзна, Латта а доьлхуш го уьш гича леш.
Дерриге сан дахар ду цаьрца доьзна, Берриге безам, ирс цаьрца ду сан. Уьш ларбеш нагахь со къийсамехь воьжнехь, Эрна ца яьккхина дуьнен т1ехь хан.
Хьехархо: Нана
Закриева П1ет1амат «Нана, нана, нана» бохуш, Дерриг дуьне дилхича, К1езиг хир дара, нана лоруш, Массо адам цхьаьнакхетча.
Кху дуьненахь массо а дикчун Орам ненан дагца бу, Кху лаьтта т1ехь массо а зулман Лазам ненан даг чохь бу!
«Нана, нана елара» олу, Нана – деган синтем бу! Нана елахь, вайн дог доьлу, И дуьненан къинхетам бу!
Хьехархо: Нанас, х1усамнанас шен комаьршачу куьйгашца охьабиллинчу кхачанах кхеттарг доьзалан, ц1ийнан гергара стаг лерина ца 1аш, оцу доьзална, кхерчанна а тешаме хилла чекхвала декхар хилла. Зудчун, йоь1ан, ненан сий ца дечу къоман сий ца хуьлий хуучу нохчаша сий-ларам беш хилла церан. Цундела ду нохчийн меттан баьрччехь Ц1ийнан, Х1усаман, Доьзалан Нана боху сийлахь-деза дешнаш, шайна чу яккхий мехаллаш лоцуш долу. Царех х1ора а дашо нохчийн къоман дахаран-1еран доккха дакъа шена юкъалоцу. Нохчочо шен ц1ийнан нана лерина ца 1аш, цуьнан гергарнаш лерина ца 1аш, цуьнан тайпанах болчу нахаца г1иллакх лелош хилла. Х1усамнана кхечу юьртара елахь, оцу юьртарчу нахаца г1иллакх лоцуш хилла, нагахь юьхьк1амболуш велахь, ишттачу невцах оцу юьртарчу наха «вай нуц, тхан нуц», – олуш а хилла. Ненахошца долу гергарло уьйр-марзонан бух т1ехь хилла, стунцахошца дерг дехкарех, бехкамех доьзна хиллехь а. Оцу шен-шен барамехь лелочу юкъаметтигаша латтийна-кх вайн кьам шен ц1е нохчий а йолуш, нах бохучу ц1арах схьаяьлла йолу. К1орггера орам болуш ма ду х1ара алар: «Ненахой, стунцхой цалеринарг стаг ца лерина...» Ненан, х1усаман ненан дош тидаме эцна ца 1аш, цуьнга ладуг1уш хилла. Цуьнга ладог1ар муха ца хуьлу, д1айоьду йо1, нус а хилла схьаяло йо1 а д1атаръялар, д1атаръяр а х1усаман нанна т1ехь хилча?! Цундела х1усаман, ц1ийнан, доьзалан ненах дагаволуш хилла ц1ийнан да, дийнна ц1ийнах хьакхлуш доккха г1уллакх хилча. Дешархо: стих Бовхачу Кхачано сан кийра бохбой Довхачу дешнаша сан дагна там бой Гондхьа хьо хьийзаш со ирсе хетий Хьо хилар хастамбеш бузу сан кийра. Дуьххара мотт 1емаш Хьан ц1е ю йоккхуш Ког боккхуш галваьлчи Мохь туху хьога Хьайгара олучух бехк баккхар доцуш Лайна ахь халонаш кху дийнах кхоьруш Баркалла ду хьуна Бийца мотт 1амарна Г1иллакхех,г1уллакхех Со кхиаярна, Доьху ас т1ерачу везачу Деле Сан хенах хан кховдор хьомечу нене. * Хьехархо: Вайн наной, йижарий таханлера поэзехь.
Исаева Марем, Анзорова Балкан, Курумова Селима, Ахматова Раиса, Гайтукаева Бана-нохчийн летиратура кхиорехь шайн йоккха лар йитна цара. Уьш масал хила лаьтта литературин хьаьрмахь шайн исбаьхьа дош ала буьйлабелчарна. Цундела церан поэзин, дахар чолхенаша тила ца беш, безамах, тешамах юьзна, к1оргге маь1на долуш ю.
Ма елха, нана…
Сан ненан еларца денло сан туьйра,
Сан ненан б1аьрхишца йоьлху сан гуьйре.
Хьо соьца хиларна ирсе гуш кхане,
Вай Далла хастам беш еха со, нана.
Ма елха, нана, ма елха цкъа а,
Хьол хьоме х1ума дац дуьненчохь цхьа а,
Ницкъ болуш ю нана доьхна дог тиеда,
Ма виса цхьа а хьан безамаз хьиега.
1уьйренаш декъалъеш г1отту малх санна,
Хьан серло соьца ю массо а ханна.
Карадо хьуна дош муьлхха чов ерзо,
Цундела бу хьуна ненан мотт мерза.
Вай цхьанакхетар дерзош деха луур дара массаьрга.
Наной ларар,сий дар,терго яр.
Хазахетар ду,тахана вай динчу къамелах шун нене болу ларам, безам кхин а алсамбаьлла,церан сий дан шу 1еминехь.
