СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: «Йозанан жима а , доккха а элпаш у,У яздар».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: «Йозанан жима а , доккха а элпаш у,У яздар».»

7-г1а урок.

Тема: «Йозанан жима а , доккха а элпаш у,У яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш у,У довзийтар. Уьш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У . 1емар ду элпаш у,У яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду хьехархочун г1оьнца халонаш эшо, йозанан кхиамаш баха. Берашна 1емар ду шайн белхан мах хадо. 1емар ду кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш нисдан. Хуур ду кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Берашна 1емар ду уггар хаза нисбеллачу белхах пайда а оьцуш, йозанан кхиамаш баха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а).

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун , бераш!

-Диканца дукха ехийла !

-Вайн х1инца нохчийн меттан йозанан урок ю. Схьеэца шайн тептарш , ручканаш.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

-Бераш , шух угаре тидаме мила ву? Уггар тидамечунна хуур ду вай тахана муьлха элп 1амор ду. (Хьехархочо берзан сурт гойту).

-Х1ара х1ун ю? (Борз).

-Буса борз муха yгly? («У-у-у») .

-Алал , У-У-У. Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У.

-Хьанна девза шуна и элпаш? Караде шайгарчу карточкашна юккъехь.

3. 1алашо йовзийтар.

-Тахана вайна даийтина баьллаш. Шуна дезий баьллаш? Цхьацца бал схьа а оьцуш шаьш х1ун болх бийр бу дийца сунна.

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса хаза яздийр ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Иза шун таханлерачу белхан план ю . Цу планах байда а оьцуш аша болх бахь, шуна дика 1емар ду.

-Хьалха ма дийццара вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У. Шуна 1емар ду уьш яздан.

4. Стенах тера ду элп.

-Х1ун дийр ду вай хьалхара? (Вайна керла девзар ду элп).

-Бераш , ойлаелаш . Стенах тера ду х1ара элп? (Сирнакашца дилла цу т1ехь ма дийццара).

Ирах йог1а ахьа шалгу, -

Шада дац и, элп ма ду.

Цуьнан доллу ши га ду,

Вайна гуш дерг …(у) элп ду.

-Стенах тер аду элп Уу? Юха схьагайтал элп Уу. И муьлха элп ду :йозанан я зорбанан? (Зорбанан).

-Х1инца вай шуна довзуьйтур ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш у,У довзийтар.

-Бераш, х1ара йозанан жима элп у ду, х1ара йозанан доккха элп У ду. И ши элп цхьатера ду я тайп тайпана ду?

-Шайгара карточкашна т1ера йозанан жима а , доккха а элпашна буха сиз хьакха. (Хьехархочо ло карточкаш йозанан а , зорбанан а элпаш т1ехь долуш).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш у,У.

-Хьан даьккхи балл? (Берийн жоьпаш).

5. Йозанан жима элп у яздар.

-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду элп д1аяздан).

-Лакхарчу белхан мог1анна т1е т1адам буьллу. Цу т1ера охьа нийса сиз хьокху. Охьакхачале хьаьвзина хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаькхначу сиза т1ехула охьа нийса сиз хьокху г1оьнан мог1анна , лахарчу белхан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш юха хьалавоьду, т1аьхь –т1аьхьа хьалха хьаькхначу сиза т1е а воьдуш. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш хьаькхнача сизахь «шад» а беш дехьа сиз хьокху.

-Аса юха а яздо жима элп у. Аша сунна хьехадеза , муха яздан деза. Со галъялахь а нисде. (Хьехархочо масех элп дуьллу, бераша ма хьеххара)

-Х1инца д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.(Бераша д1аяздо).

у у у у у у у у у у у у у у у у

  • Г1алаташ ган 1амор.

-(Хьехархочо берашна карточкаш ло , элпаш яздеш даьхна г1алаташ долуш)

-Шоьгахь долчу карточкаш т1ера элпаш нийса яздина дуй ? (Дац).

-Аша уьш нисдан деза. (Бераша нисдо).

6. Сада1аран миноташ.

Хьехархочо дийцар доьшу, бераша цу т1ехь дуьйцург дег1ан меженашца гойту. Белхалой 1аш болу меттиг. Хьун хьакхаран заводехь

тийна ду. Белхалой х1инца а бийшина бу (бераша, кортош aгlop а дохий, беснеш к1ел куьйгаш а дохкий, «хар-хар» до. Сахили. Йий-ки

н1аьнеш. Сахьто 6-зза горгали бекий (т1араш детташ, ч1ог1а цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, ялх олу.) Белхалой самабовлуш бу, меттахъхьуьйш, ийзало, меженаш хьейо (гойту муха.) T1e бедарш а юхий, юьхь-куьг дила боьлху (гойту муха дуьлу). Юха стоьл т1е боьлху марта даа (гойту чай муха дутту, бепиг муха хададо, дуу, молу). Ара а бовлий, заводе боьлху. Арахь шийла ю. Гудок ека (массара а «У-у-у» олу). Г1овг1а еш, болх бан юьйлаели чархийн мотораш («Дз-у-у»). Болатан херхаш д1ай-схьай лела, ханнаш хедош (гойту куьйгашца херхаш муха лела). Хедийна аннаш вагонеткаш чу дохкуш, складе д1акхоьхьу (хьехархочун омранца: «Цхьаъ - шиъ - схьаэца!» Охьатаь1а (аннаш схьаоьцуш санна). Щерпоштан шок хеза (массара а: «У-у-у»). Иза меллаша склад йолчухьа йог1у (цунах аз тардеш, цкъа хьалха чехка, юха меллаша «Чу-чу-чу» олу массара). Аннаш вагонаш т1е дутту (омра деш: «Цхьаъ - шиъ - кхоъ -схьаэца!») Т1едутту сурт х1ттадо. Заводехь гудок ека (массара а: «У-у-у») Делкъе ян хан хилла.



7. Йозанан доккха элп У яздар.

-Х1инца вай яздийр ду йозанан доккха элп У.

-Ручка юьллу лакхарчу белхан мог1анна т1ехула. Доца сиз а хьакхий хьаьвзаш охьадуьйла , юха лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц , кхузахь хьаьвзина хьалаг1о юха шаьш хьаькхначу сиза т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1екхочуш ,хьаьвзина аьрру аг1ор хьалавоьду , белхан мог1анна юккъе кхаччалц.

У У У У У У У У У У У У У У У У У У У У У У У У

(Цхьацца уьн т1е а валош яздойту хьехархочо. Бераша г1о до и яздан).

-Х1инца д1аязде шайн тептарш т1е. (Бераша д1аяздо кхох элп.)

-Уггара шаьш хаза яздинчу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.Цаьрга терра д1аязбе мог1анаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Тхуна 1еми жима, доккха а элпаш у,У яздан.

  • Х1етал- метал.

Х1етал-метал хаийла хьуна: Хьийзаш верстинарг? (Урчакх)

-Маса дешдакъа ду КРЧАКХ дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Ур).

-Шолг1аниг? (Чакх).

-Муьлха аз хеза УУУРЧАКХ дешан юьххьехь? ( Аз (У) ду).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (У) йозанехь? (Уу элпаца).

-Аз (У) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

Жам1 дар.

-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Уу).

-Гайтал сунна элп Уу. Х1унда ду уьш шина тайпана?

-Цхьадерш зорбанан, дисинарш йозанан ду уьш.

-Муьлханаш яздо тептарш т1е? (Йозанан элпаш)

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан язйира угаре хаза элпаш?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш , 1ежаш схьа оьцуш.

  • Аса хьехархочун хаттаршан жоьпаш дели.

  • Суна йозанан жима а , доккха а элпаш у,У девзи.

  • Аса хаза язди.

  • Аса дика ладуьйг1и.

  • Аса накъосташна г1о ди.